Официальни веб-сайт Иеговин Тоьшалхойн

Коьртан агIо Beliefs Future Medical Topics Contact Us Publications Languages
Дала вайна хIун тIедожадо? Урок 16ТIаьхьара

Делан гIуллакх дан харжам

ХIун дан деза Делан доттагI хIотта? (1, 2)
Ша Дели муха дIавала веза? (1)
Хьо хих чекх маца вала веза? (2)
Мичара эца беза ницкъ Делига болу тешам ларбан? (3)

1. Делан доттагIа хила, хьуна дика хаа деза, Деза Йозанийн бакъдерг (1 Тимофею 2:3, 4), хьайн хиинчух теша веза (Евреям 11:6), докхкохвала а къиношах (Деяния 17:30, 31) а хьайн дахаран некъ хийца а (Деяния 3:19). Цул тIаьхьа Деле болу безамо хьуна лаийта деза хьо Деле дIавала. И маьIана ду, ахь Деле хьайн доIан тIехь олу, хьо дIавалар, Делан лаам кхочушбан (Матфея 16:24; 22:37).

2. Цул тIаьхьа хьо Деле дIавеллача, хьуна оьшу хих чекхвала (Матфея 28:19, 20). Хих чекхваларо массарна гойту, ахь Иеговин хьо дIавалар. Цундела хих чекхбовла мегаш ду тоал баккхий нахан, хуушболчарна харжам бан Делан гIуллакх дан. Декхар ду и стаг хих чекхволуш хенахь сиха хи буха ваьлла, схьавала* (Марка 1:9, 10; Деяния 8:36).

3. Ахь Иеговин хьо дIавеллачул тIахьа, цо сатуьйса, хьо вехар хир ву ахь дош ма далар (Псалом 49:14; Екклесиаст 5:3, 4). Иблис гIертар ду, хьо Иегован гIуллакх дечура сацийла (1 Петра 5:8). ДоIа де, тIаккха хьо хир ву Делан юххехь (Филиппийцам 4:6, 7). ХIорра дийнахь Iамаде цуьнан Дош (Псалом 1:1—3). Массо хенахь цхьана хила гуламца (Евреям 13:17). Хьо иштта лелахь, ахь схьаоьцур бу ницкъаш, цара гIодийр ду хьуна, Делига болу тешам ларбан. Иштта хьога даима кхочушдан лур ду, хьуна Дала тIедождинарг!

Кхин алсам информаци хьуна хилийта лаьий? Язде Иегован Тоьшалхошка, цхьана лахахь гайтина долу адресашца. Аадресашца