Официальни веб-сайт Иеговин Тоьшалхойн

Коьртан агIо Beliefs Future Medical Topics Contact Us Publications Languages
Дала вайна хIун тIедожадо? Урок 13ТIаьхьараКхин дIа

Муха лаха деза бакъ долу дин?

Дерриге динашна реза вуй тIе Дела я цхьана? (1)
ХIунда ду дукха динаш,олуш болу шайх Iийсан лархой? (2)
Муха хуур ду, муьлхаш бу бакъ болу Iийсан дешархой? (3—7)

1. Iийсас кхоллина цхьаъ бакъ долу дин. Цундела тахана хила беза цхьана некъе, я тобан, бакъ болу Иегован Делан гIуллакххой (Иоанна 4:23, 24; Эфесянам 4:4, 5). Деза Йозанаш Iамадо, дуккха дац адамаш доьду готтачу некъаца дахаре буьгачу (Матфея 7:13, 14).

2. Деза Йозанаш тIехь аьлла дара, Iийсан юххера дешархой беллачул тIаьхьа, Iийсан дешархой гуламе юкъе догIур ду аьшпийн Iаморш а, Iийсас ца Iамийна долу гIиллакхаш а. Иштта яздина ду, цхьацца долу адамаш гIертар ду, тешаш долу адамаш, Iийсан тIехь ца хIоттийтуш, шайн тIаьхьа хIоттийла (Матфея 7:15, 21—23; Деяния 20:29, 30). Цундела ду хIинца дукха динаш, олуш болу шайх Iийсан лархой. Муха хуур ду, муьлхаш бу бакъ болу Iийсан дешархой?

3. Бакъ болу Iийсан дешархой уггаре коьрта билгало ю — церан даггара вовшийн болу безам (Иоанна 13:34, 35). Бакъ болу Iийсан дешархой юкъахь ца Iамадо адамаш цхьан расси я чкъуран бесин дикаха ду кхечух адамаьл. Иштта царна юкъахь ца Iамадо кхечу йолу махкар бахархошца гамоне хила (Деяния 10:34, 35). Цундела бакъ болу Iийсан дешархоша тIемаш юкъахь дакъа ца лоцу. Уьш хуьла вовшашца йижарий вежарий санна(1 Иоанна 4:20, 21).

Бакъ болу Iийсан дешархой вовшийн беза, Деза Йозанаш а лору, хьехам, а бо Делан Пачхьалкхахь лаьцна.

4. Кхин йолу билгало — Деза Йозанаш кIорга ларар. Бакъ болу Iийсан дешархой теша и Делан Дош дуйла а, кхин уьш тешаш бу дерриге цу тIехь яздинчунахь (Иоанна 17:17; 2 Тимофею 3:16, 17). Царна Делан Дош дезо ду, адамийн ойланашал а, гIиллакхашал а (Матфея 15:1—3, 7—9). Уьш гIерта массо хенахь Деза Йозанаш тIехь бохучунца баха. Цундела церан дешнаш къасташ дац церан гIуллакхашца (Титу 1:15, 16).

5. Иштта бакъ долу динан гIуллакххой декхаре бу Делан цIе лара (Матфея 6:9). Iийсас адамашна гучуяьккхан Делан цIе — Иегова. Бакъ болу Iийсан дешархой декхаре бу иштта дан (Иоанна 17:6, 26; Римлянам 10:13, 14). Мила ву хьо Iаш волчу меттигехь дуьйцуш адамашка Делан цIерахь лаьцна?

6. Бакъ болу Iийсан дешархой декхаре бу хьехам бан Делан Пачхьалкхахь лаьцна. Iийсас иштта деш хилла. Цо массо хенахь дийцина Пачхьалкхахь лаьцна (Луки 8:1). Цо пурба делла изза кхаъ хьеха шен дешархошка, дерриге латта тIехь (Матфея 24:14; 28:19, 20). Бакъ болу Iийсан дешархой тешаш бу, Делан Пачхьалкхо бен латта тIехь машар латта бийр бац, кхерам дIабоккхур бу цо (Псалом 145:3—5).

7. Iийсан дешархоша дакъа ца лоцу кху дуьненан зуламе гIуллакхашца (Иоанна 17:16). Цара дакъа ца лоцу политически а, социальни а конфликташца. Цара схьацаоьцу зуламан леларш а, гIиллакхаш а, хIокху дуьненан ойланаш а (Иакова 1:27; 4:4). Хьуна хаий цхьаъ дин, иштта бакъ болу Iийсан дешархой санна билгалонаш йолуш?

 

Арахецна 2006 чу шарахь

Коьртан агIоЛакхеТIаьхьараКхин дIа

Copyright © 2008 Watch Tower Bible and Tract Society of Pennsylvania. All rights reserved.