| Дала вайна хIун тIедожадо? | Урок 11 |
Дела лаамехь доцу динах тешарш а, гIиллакхаш а |
|
| Муьлха динан тешарш а гIиллакхаш магош дац? (1) | |
| Делан гIуллакхошна теша оьший, Дела — Кхолхо ву бохачунах (Троица)? (2) | |
| Делан гIуллакхоша хIунда ца даздо Рождество (Iийса пайхамар вина де) а керла шо а, марха а, вина денош а? (3, 4) | |
| Белчара дан вон дуй дийнаболчарна? (5) | |
| Iийса валар жIар тIехь хиллий? (6) | |
| Дели лаам кхочуш бан мел чIогIа деза ду? (7) | |
1. Массо динан тешарш а, гIиллакхаш вон дац. Амма Дели лаамехь дац, шен юьххье аьшпийн динера схьаоьцуш дерг а, Деза Йозанийн хьехамашна дуьхьало еш дериг а (Матфея 15:6). 2. Кхолхо. Иегова Кхолхо вуй, я кхо яххьаш юй цхьана Дели? Вац! Иегова — Да — «цхьаъ бакъ волу Дела ву» (Иоанна 17:3; Марка 12:29). Iийса ву — цуьнан дуьхьарниг кIант, цунна муьтIахь (1 Коринфянам 11:3). Да кIантал лакхар ву (Иоанна 14:28). Деза са — стаг вац, даима лелаш болу Делан ницкъ бу (Бытие 1:2; Деяния 2:18).
3. Рождество а марха а. Iийса вина де 25 декабрь дац. И вина де хилла тарло 1 октябрь — цу хенан шарахь, Iуьнхоша буьйсанаш йохуш шай бажаца арахь (Луки 2:8—12). Iийсас цкъа а аьлла дац, шен дешархошка ша вина де дазда. Мелхо, цо весет дина шен дешархошка ша велла де дазда (Луки 22:19, 20). Рождество а рождественски гIиллакхаш схьадойла ду мацахлера аьшпийн динашахь. Иштта, мархан гIиллакхашахь лаьцна ала мегар ду, масала: хIоаш басар дар а, кхин тIе цуннах тера долу хIуманаш. Хьалхалера Iийсан дешархоша ца даздора Рождество а, марха а, тахана бакъ болу Делан гIуллакххоша иза ца леладо. 4. Вина денош. Деза Йозанаш тIехь дуьйцу шина вина дийнахь лаьцна, уьш даздеш долу адамаш хилла Иегован корта ца бетташ (Бытие 40:20—22; Марка 6:21, 22, 24—27). Хьалхалера Iийсан дешархоша ца даздора вина денош. ХIара гIиллакх схьадеана хьалхалера аьшпийн динашахь. Бакъ болу Делан гIуллакххоша до совгIаташ, вовшахкхетарца самукъадолу дерриге шарахь. 5. Белчарна хьалха кхерар. Белчарна хIума хаацало, цара дан хIума дац. Вай царна дан гIо дац, цара вайна дан вон дац (Псалом 145:4; Екклесиаст 9:5, 10). Са ле, веллачул тIахьа иза ца деха (Иезекииль 18:4). Амма хьулу белчарна метта хIуттуш вон маликаш, царах олу йилбазаш. Кхоллина долу гIиллакхаш, белчарна хьалха кхерам хилар, царна корта беттар — вон ду (Исаия 8:19). 6. ЖIар. Iийса ца велла жIар тIехь. Иза велла дечиг бIогIам тIехь. Дукхаха долчу гочдина Деза Йозанаш тIехь, греческийн дош жIар гочдина маьIна ду дечиг. Символ санна жIар лелор юьхье схьаэцна ю хьалхалера аьшпийн динашахь. Хьалхалера Iийсан дешархоша жIар ца лелийна символ санна, цунна корта ца биттина. Цундела ойла ел: нийса дуй лело жIар корта бетташ? (Второзаконие 7:26; 1 Коринфянам 10:14). 7. ЧIогIа хала хила тарло оцу ягарйина йолу динах тешарш а, гIиллакхашахь дIакъаста. Хьога хьан гергарчара а, доттагIаша чIогIа баха тарло, хьай динах тешарш ма хийца. Амма мел чIогIа деза ду Делан лаамбар, адамашка ладугIучул (Притчи 29:25; Матфея 10:36, 37). |
||||||
Арахецна 2006 чу шарахь |
|
Copyright © 2008 Watch Tower Bible and Tract Society of Pennsylvania. All rights reserved. |
|