| Дала вайна хIун тIедожадо? | Урок 10 |
Делан ца деза гIуллакхаш |
|
| Муха хила деза вай Делан ца дезаш долчу гIуллакхашца? (1) | |
| Муьлха сексуальни лелорш аьттехь дуьтийла дац? (2) | |
| Муха хаьжа веза Делан гIуллакххо аьшпе? (3) марзлуш долу ловзаршка? (3) къола даре? (3) ницкъ баре? (4) спиритизме? (5) малархе? (6) | |
| Муха дита лур ду стаге вон гIуллакххаш? (7) | |
1. Делан гIуллакххошна дикалла деза. Амма уьш кхин декхаре бу Iама зулам ца деза (Псалом 96:10). И бохург ду къехкаш хила Дала ца деза вон хIуманах. Муьлхах? 2. Лелар. Брак хилле йолу секс, ямартло а, даьхнишца лелар а, цIий эдар а, гомосексуализми — иза Делан доьхал чIогIа къинош лат дар ду (Левит 18:6; Римлянам 1:26, 27; 1 Коринфянам 6:9, 10). Нагахь санна зуда а, стага а бракехь доцуш Iаш делахь, нийса хир ду и шиъ дIакъастича я бракан регистраци ян декхар ду (Евреям 13:4).
3. Ашпаш, марзлуш долу ловзарш, къола дар. Иегова Делас цкъа а ца бутту ашьпаш (Титу 1:2). Лууш верг пайда эца Делан дикаллах, аьшпаш битта декхар дац (Притчи 6:16—19; Колоссянам 3:9, 10). Массо кепар марзалуш долу ловзарш карзахйоккху суттаралла. Цундела Делан гIуллакххой ца ловза цхьанне тайпан марзалуш долу ловзаршах, латарейх а, говраш хаьхкаршахь а, бинго а (Эфесянам 5:3—5). Делан гIуллакххоша къола ца до. Цара ца оьцу шайна хаа хууш лачкъийна йолу хIума а, хатта ца хоттуш нехан хIуманаша (Исход 20:15; Эфесянам 4:28). 4. ОьгIазло тIеяр, ницкъ бар. ОьгIазло тIееача цо ницкъ бойта (Бытие 4:5—8). Ницкъ беш долу адам, Делан доттагI хуьлийла дац (Псалом 10:5; Притчи 22:24, 25). Шен дина вонна доьхал вон дар, нийса дац (Притчи 24:29; Римлянам 12:17—21). 5. Молханаш леладар а спиритизм. Цхьцца долу адамаш могашалла лоьхуш кхойкху йилбазашка. Кхечара леладо молханаш шай мостагIашна, уьш цомгаш хилийта а, балийта а. Оцу массо лелош долу хIуманаш, тIаьхьа лаьтташ болу ницкъ — ШайтIа ду. Цундела Делан гIуллакххошна мегар дац, цхьане агIор цу юкъа дакъа лаца (Второзаконие 18:9—13). Уггаре дика лардалар молханаш леладочарех и ду — Иеговаца йолу юкъаметтиг ларяр (Притчи 18:10). 6. Малар. Вон хIумма а дац, наггахь санна кIеззиг чIагIар а, пиво а кхин долу алкагольни маларш маларх (Псалом 103:15; 1 Тимофею 5:23). Амма Iаббалца малар — нийса дац Делан хаьлха (1 Коринфянам 5:11—13; 1 Тимофею 3:8). Сов тIехь маларо могашалла йойу, шен доьзалца барт бохабо. Кхин тIе мала ца хууш вахош йолу хIума мелча адаман атта, кхин долу хIума дан дагадогIу (Притчи 23:20, 21, 29—35). 7. Дела реза воцу гIуллакхаш лелош болу нах, «Делан пачхьалкха чу гIур бац» (Галатам 5:19—21). Нагахь санна хьуна Дела баккъалла дукха везахь, хьо цунна лаам бан лууш велахь, хьога дита лур ду вон гIуллакхаш (1 Иоанна 5:3). Iамаде Делан хаьлха вон долу хIума ца деза (Римлянам 12:9). ТIекера хила Дела реза волчу адамашца (Притчи 13:20). Хьуна гIодийр ду гIеметтахIоьттина болу Делан гIуллакххоша юкъера доттагIаша (Иакова 5:14). Алсам Далла тIе болх билина, доIа деш цуьнга (Филиппийцам 4:6, 7, 13). |
||
Арахецна 2006 чу шарахь |
|
Copyright © 2008 Watch Tower Bible and Tract Society of Pennsylvania. All rights reserved. |
|