Официальни веб-сайт Иеговин Тоьшалхойн

Коьртан агIо Beliefs Future Medical Topics Contact Us Publications Languages
Дала вайна хIун тIедожадо? Урок 9ТIаьхьараКхин дIа

Делан гIуллакххой цIена хила беза

Вай хIун хила деза дерриге хIуман тIехь цIена? (1)
ХIун ду цIена хила веза бахар Делан корта беташ а? (2) гIуллакхаш тIехь а? (3) ойланашца а? (4) дегIаца а? (5)
Муьлха цIена доцу къамелах къехкаш хила деза? (6)

1. Иегова Дела цIена а веза а ву. Цо сатуьйсу шена гIуллакххошкара уьш хуьллийла цIена шен корта бетташ а, гIуллакхаш тIехь а, дегIаца а, ойланашца а (1 Петра 1:16). Нагахь санна вайна лаахь Делан хаьлха цIена хила вайгара боккха гIортам оьшу. Вай дехаш ду боьхачу дуьненахь. Кхин тIе вайна оьшу нийса боцу лаамашца къийсам латто. Амма вай къардала мегар дац.

2. ЦIена хилар Дела корта бетташ. Нагахь санна вай Иегована гIуллакх деш хила лаахь вайна дакъалаца мегар дац Iаморш юкъахь а аьшпийн динан гIиллакхашца а. Вай дIакаста деза аьшпийн динах, иза цхьанна агIор тIецалоцуш (2 Коринфянам 6:14—18; Откровение 18:4). Делах лаьцна бакъдерг хиинчул тIехь вай декхар ду ларлуш хила адамашахь вай тила ца дайта цара Iамабо аьшпашна (2 Иоанна 10, 11).

3. ЦIано гIуллакхаш тIехь. Иеговин лаьа шен гIуллакххой массо хенахь хуьлийла бакъ болу Iийсан дешархой санна (1 Петра 2:12). Иза гуш ву дерриге вай къайлахь лелош долу гIуллакхаш (Евреям 4:13). Вай къехка деза сексуальни талхарах, тIакха кхин долчу дуьненан боьха гIуллакхах (1 Коринфянам 6:9—11).

4. Ойланаший цIано. Нагахь санна вай хъекал цIена ойланашца дузуш делахь, тIакха вай гIуллакхаш цIена хир ду (Филиппийцам 4:8). Амма вай хъекал цIена доцу хIуманах дузан делахь, тIаккха хир ду вон гIуллакхаш (Матфея 15:18—20). Вай къехкаш хила деза самукъадолу чу гIуллакхах, хIунда аьлча цара хIаллакх дан мега вай хъекал. Вайга дуза лур ду хъекал цIена ойланашца Делан Дош Iама деш.

5. ДегIаца йолу цIано. Iийсан дешархой — Делан векалш бу, цундела уьш декхаре бу ша а шен тIеюха бедар цIена латто. Куьйгаш дила деза хьаштагI вахан чул тIехь а, хIума яале хаьлха а, юург кечяле а. Нагахь санна канализационни система чоьхь яцахь, боьхалаш лаьттах йохка еза (Второзаконие 23:12, 13). Хьо цIена лелахь, хьан могашалла дика хир ю. Делан гIуллакххой цIа цIена хила деза чоьхь а, арахь а. И цIа къастина цIена хила деза.

6. ЦIена къамел. Делан гIуллакххой массо хан бакъдерг дуьйцуш хила беза. Аьшпашбуттурш Делан Пачхьалкхан чу гIур бац (Эфесянам 4:25; Откровение 21:8). Делан гIуллакххоша боьха къамел ца дуьйцу. Цара дийца ца дуьйцу лаацадIугу боьха забаршка. Шай цIена къамелаца уьш къасташ бу кхечу адамахь, шайн гонах Iаш болчарехь а, балхахь а, школехь а (Эфесянам 4:29, 31; 5:3).

Делан гIуллакххой цIена хила беза дерриге хIумана тIахь.

Арахецна 2006 чу шарахь

Коьртан агIоЛакхеТIаьхьараКхин дIа

Copyright © 2008 Watch Tower Bible and Tract Society of Pennsylvania. All rights reserved.