Официальни веб-сайт Иеговин Тоьшалхойн

Коьртан агIо Beliefs Future Medical Topics Contact Us Publications Languages
Дала вайна хIун тIедожадо? Урок 7ТIаьхьараКхин дIа

Делаца муха гергга хила деза доIа деш

ХIунда чIогIа оьшу доIа дан? (1)
Хьаьнга доIа дан деза а, муха а? (2, 3)
Стенах лаьцна мега доIа дан? (4)
Маца доIа дан деза? (5, 6)
Дала ладугIий те дерриге доIанашка? (7)

1. ДоIа — иза эсала къамел ду Делаца. Деле деш долу доIа диллина дан деза. Иштта хьо гергга хуьлу цуьнца хьоме доттагIаца санна. Иегова иштта чIогIа сийлахь-воккха а, ницкъ болуш волушехь ладугIуш ву вайн доIанашка! Деле доIа диллина дой ахь? (Псалом 64:3; 1 Фессалоникийцам 5:17).

2. ДоIа — цхьа дакъа ду корта беттаран. Цундела доIа дан деза цхьаъ бен воцу Делан — Иеговин. Iийса латта тIехь хилча хенахь, цо диллина доIа деш хилла шен Дега, амма кхечуна доIа ца дина. Вай дан деза иштта (Матфея 4:10; 6:9). Амма вай дерриге доIанаш дан деза Iийсагахула. Иштта вай гойту Iийсан меттиг лоруш хилар а, цуьнан гIурбах тешаш хилар а (Иоанна 14:6; 1 Иоанна 2:1, 2).

3. ДоIа деш, вай дийца деза Делаца даггара. Вай дан декхар дац доIанаш даггахь Iамийна а, книган тIера уьш деша а (Матфея 6:7, 8). ДоIа дан мега муьлха лараме кепахь, муьлха хенахь, муьлха меттехь. Дела хезаш ву вай даггахь олуш долу доIанаш (1 Царств 1:12, 13). Хьай доIа да мегар ду къастина, адамаш доцу меттехь (Марка 1:35).

4. Стенах лаьцна, доIа дан мега? Дерригех лаьцна, цуьнца юкъехь долу доттагIалла лардан (Филиппийцам 4:6, 7). Кепан доIа тIера гуш ду, доIа дан деза Делан цIерахь лаьцна а, цуьнан лаамахь лаьцна. Кхин мегар ду деха оьшуш долу хIума хилийта а, къинтIеравалар а, гIодеха а, халонашах лар де аьлла а (Матфея 6:9—13). ДоIанаш хилийта мегар дац шен оьшу болу пайда лоьхаш. ДоIа хила деза Дела лаамца догIуш (1 Иоанна 5:14).

5. ДоIа даима дан мега хьан даган лууш хенахь, Делан хастам бан лууш хенахь, баркалла ала а (1 Паралипоменон 29:10—13). ДоIа дан деза халонаш йолча хенахь, хьа Делах тешар зуьйш хенахь (Псалом 54:23; 119:1). ХIума яале доIа дар нийса ду (Матфея 14:19). Иеговас кхойкху вайга доIа дан шега массо хенахь (Эфесянам 6:18).

6. ЧIогIа доIа дан оьшу, ахь доккха къалаттадинехь. Цу хенашкахь, чIогIа деха деза Иеговига къинхетаме хилар а, къинтIервалара. Нагахь санна ахь дIадуьйцуш делахь цунна хаьлхах хьай къиношах лаьцна а мел болу ницкъаца гIортахь кхин ца дан уьш, тIакха Дела къинтIервала кийча хир ву (Псалом 85:5 «Дезан Йозанаш — Гочдар КIерла Дуьненан», Притчи 28:13).

7. Иеговас бакъхара долу адамаши доIанашка ладугIу. Нагахь санна хьуна лаахь Дала, хьай доIанашка ладугIийла, цо бохург дерриге дан хьажа веза а, цуьнан Iедалашца ваха а веза (Притчи 15:29; 28:9). ДоIа деш хьо хила веза эсала (Луки 18:9—14). Ахь болх бан беза, айха Деле доьхучу хIуман тIехь. Иштта ахь гойтур ду, хьайга тешам буй а, ахь бакъала ойла еш ерг дуьйцийла а. Цул тIаьхьа бен Иеговас жоп лур дац хьа доIанашна (Евреям 11:6).

 

Арахецна 2006 чу шарахь

Коьртан агIоЛакхеТIаьхьараКхин дIа

Copyright © 2008 Watch Tower Bible and Tract Society of Pennsylvania. All rights reserved.