| Дала вайна хIун тIедожадо? | Урок 2 |
Дела иза мила ву? |
|
| Мила ву бакъ волу Дела а цуьнан цIе муха ю? (1, 2) | |
| Муха ду цуьнан дегI? (3) | |
| Муьлха ю цуьнан уггаре коьрта амалаш? (4) | |
| Оьший тIехь лело суьрташ а, символаш а Дели корта бетташ? (5) | |
| Муьлха шина кепаца вовза мега Дела? (6) | |
1. Адамаш корта бетташ ду дуккхалина. Амма Деза Йозанаш тІехь боху, цхьаъ БАКЪ ВОЛУ Дела бен вац. Цо кхоллина ду дерриге стиглара а, лаьттара а. Цо делла хилча вайна дахар, цунна Цхьана корта бетта беза (1 Коринфянам 8:5, 6; Откровение 4:11).
2. Делан дуккха титулаш ю, амма цхьаъ бен цІе яц. Делан цІе — ИЕГОВА ю. Дукхахь йолу гочдарш Деза Йозанаш тІера Делан цІе дІаяьккхан а хийцина титулашца «Эла» а «Дела». Амма Деза Йозанийн оригинал тІехь Иегова цІе кхета 7 000 гергга! (Исход 15:3; Псалом 82:19, гочдар Г. П. Павскин). 3. Иеговин дегІ ду, амма вайчул къастина ду. Дела гойла дац, аьлла ду Деза Йозанаш тІехь. Цуьнан дахар вайчулла дуккха лакхар ду (Иоанна 4:24). Дела цкъа а цхьанне адаман ца гина. Иегова Іаш ву стигал тІехь, амма дерриге гуш ву (Псалом 10:4, 5; Иоанна 1:18). Деза са и хІун ду? Иза стаг вац, Делах тера. Иза Делан ницкь бу даима лелаш болу (Псалом 103:30). 4. Деза Йозанаш тІехь схьагойтуш Делан амалаш ю. Гайтина ю цуьнан коьрта амалаш: безам, нийсо, хьекъалалла а, ницкъ а (Второзаконие 32:4; Иов 12:13; Исаия 40:26; 1 Иоанна 4:8). Деза Йозанаш тІехь дуьйцу, Дела кхин кьинхетаме а, дика ву, иза къинтІера вала кийча ву, догдиканиг а собаре ву. Вай ладугІуш долу бераш санна гІерта деза цуннах тера хила (Эфесянам 5:1, 2).
5. Далана корта бетташ оьший те, лара сибаташ, суьрташ, символаш а, царна доІа дан а? Ца оьшу! (Исход 20:4, 5). Иеговас боху, вай корта бетта беза цунна цхьана. Цо цхьанца я стенца боькъур бац шен хастам. Сибаташца ницкъ бац вайна гІо дан (Псалом 113:12—16; Исаия 42:8). 6. Дела дика муха вовзар вара? Дуьхьара кеп — хьожуш дерриге цо кхоллинчуьнга, а кІорга цунах ойла еш а, цо стенах лаьцна тоьшалла до. Дала кхоллинчо гойтуш ду, цуьнгахь боккха ницкъ а, хьекъалалла а хилар. Дерриге цо кхоллина долчунца гуш бу цуьнан безам (Псалом 18:2—7; Римлянам 1:20). ШолгІа кеп Дела вовза Деза Йозанаш — Іамо дар ду. Цу агІонаш тІехь цо алсам дуккха дуьйцу, муха Дела ву ша. Иштта цу тІехь цо дуьйцу шен лаамах лаьцна а, вайгара хІун сатесна ву (Амос 3:7; 2 Тимофею 3:16, 17). |
|
Арахецна 2006 чу шарахь |
|
Copyright © 2008 Watch Tower Bible and Tract Society of Pennsylvania. All rights reserved. |
|