Хаьжал иштта
БАКЪДЕРГ стенах лаьцна? Цхаьацца уггаре коьрта долу хаттаршах лаьцна адамаша хIоттуш долу. Хилла мега ахь хьайга иштта долу хаттарш дела хилла:
Мичахь лоьхур дара ахь, хIокху хаттаршна жоьпаш? Нагахь санна цхьацца долу адамашка хаьттача, тIакха лур ду тайп - тайпана жоьпаш. Нагахь санна хьекъал долу я лоруш долу адамашка хаьттача, иштта церан жоьпаш хир ду вовшен доьхь - доьхьалла. Цхьацца царах долу жоьпаш тахана моьтту чIогIа шен хенахь ду, амма кIеззиг хан дIаялча уьш ширало.
Амма ю цхьаъ книга, цу тIехь ду бакъдолу жоьпаш. Цу книга тIехь бакъдерг ду. Iийса Пайхамар Деле деш долу доIан тIехь: «Хьан Дош бакъдерг ду» аьлла хилла (Яхьян Инжил 17:17). Тахана Делан Дош дIаяздина ду Таврат, Забур, Инжил тIехь. Кхин дIайолу агIонаш тIехь ешча хьуна карор ю кхеташ долуш а бакъдолуш жоьпаш оцу хаттаршна, Делан Дош тIера.
ХIУНДА ХIУТТУ ИШТТА ХАТТАР. Вай дехаш ду къизалахь дуьззина а нийсо йоцуш дуьненчоьхь. Дукхахь долу динаша Iамадо, дерриге адамийн Iазапаш хуьлуш ду Делан лаамахь.
ХIУН БОХУ ДЕЛАН ДАШО. Дала цкъа деш дац вониг. «Бакъволу Дала дойла дац вониг, Массо хIуман ницкъ кхочуш волу Дала дойла дац нийсо цахилийтар!» дуьйцу Деза Йозанаш тIехь (Аюб 34:10). Делан адамаш деза, цундела ойла йина исбаьхьаллин царна хиндолчунна. Цундела Iийса Пайхамар Iамадина хилла доIа дан: «Вай Да стигал тIехь ву... Хьан Пачхьалкх тIекхочийла. Хьан лаам хуьлийла латта тIехь, стигал тIехь санна» (Матфейн Инжил 6:9, 10). Далла вай чIогIа деза, цундела цо боккха мах дIабелла кхочуш хилийта ша йина йолу ойла (Яхьян Инжил 3:16).
Хаьжал иштта 1 Мусан 1:26— 28; Якъубан 1:13; 1 Петран 5:6, 7).
ХIУНДА ХIУТТУ ИШТТА ХАТТАР. ТIемаш дагIош ду дукха адамийн дахарш. Вай массара а, иштта вай гергарчара а Iазапаш лайна хилла.
ХIУН БОХУ ДЕЛАН ДАШО. Дала дуьйцу хир ю хан, цо дерриге латта тIехь машар дIахIоттош. Цуьнан Пачхьалкхан — стигалан правительствас — куьйгалдечу хенахь адамаш хир дац «тIом бан Iемаш». Цара «шай таррашах готнаш йийр ю» (Исаия 2:4). Дала чакхдоккхур ду массо нийсо цахилар а, Iазапаш а. Деза Йозанаш дуьйцу: «[Дала] дIадоккхур ду хIоррана бIаьрхи церан бIаьргара, Iожалла кхин хир яц, гIайгIа а, маьхьарий а, лазам кхин хир дац. Хьалхалеранаш [цу юкъе догIу нийсо цахилар, Iазапаш] дIадахна» (Гучудаларг 21:3, 4)
Хаьжал иштта Забур 37:10, 11; 46:9; Михей 4:1—4.
ХIУНДА ХIУТТУ ИШТТА ХАТТАР. Дукхах долу динаш Iамадо, адамийн са кхин дIадеха цуьнан дегI деллачул тIаьхьа. Цхьаберш теша, белчара вон до дийнаболчарна, кхиберш теша Дала къинош долушберш бохийту даиман Iазапан жоьжахате.
ХIУН БОХУ ДЕЛАН ДАШО. Стаг велча,иза цхьанхьа ца веха. «Белчарна цхьа хIумма ца хаа»,— дуьйцу Сулейман пайхамар (Экклезиаст 9:5). Белчарна цхьа хIумма хууш ца хилча, хаалуш ца хилча, цаьрга цхьа хIумма далур дац дийнаболчарна (Забур 146:3, 4)
Хаьжал иштта 1 Мусан 3:19, Экклезиаст 9:6, 10.
ХIУНДА ХIУТТУ ИШТТА ХАТТАР. Вайна лаьа даха, самукъадолуш иштта лаьа вай гергарнаш бехийла а. Кхеташ ду, вайна чIогIа ган лаьа, вай гергара белларш.
ХIУН БОХУ ДЕЛАН ДАШО. Дукхах белларш денбин хир бу. Iийса Пайхамар аьлла хилла «массо кешнаш чоьхберш... арабовра бу» (Яхьян Инжил 5:28, 29). Денбинчера йиш хир ю баха Ялсаман латта тIехь юьххьера дуьйна Дала ойла йина ма хиллар (Лакасан Инжил 23:43). ТIейогIучу хенахь, Деле ладугIуш долу адамаш дехаш хир ду даима, уьш цкъа а цумгуш хир дац. Делан Дешан тIехь дуьйцу: «Бакъболчарна кхочур ду латта, цу тIехь бехаш хир бу даима» (Забур 37:29).
Хаьжал иштта Аюб 14:14, 15; Лакасан Инжиль 7:11—17;Апосталийн ГIуллакхаш 24:15.
ХIУНДА ХIУТТУ ИШТТА ХАТТАР. Массо динаш юкъахь болчара доIанаш до. Амма моьтту, церан доIанаш дуьсу жоп ца луш.
ХIУН БОХУ ДЕЛАН ДАШО. Iийса Пайхамар Iамадина юх-юха ма дийца доIан тIехь дагахь Iамадина долу цхьатерра дешнаш. Цо аьлла хилла: «ДоIа дечу хенахь, юх-юха ма дийца цхьатерра дерг» (Матфейн Инжил 6:7). Нагахь санна вайна лууш хилча Далла вай хезийла, вайна оьшу доIа дан цунна ма-лаар. Цундела вайна оьшу хаа муьлха доIанашка ладугIу Дала, цул тIаьхьа иштта доIа дан деза. Инжил тIехь яздина ду: «ХIун а вай дехча цуьнан [Делан] лаамехь, цунна вай хеза» (1 Яхьан 5:14).
Хаьжал иштта Забур 65:2; Яхьян Инжиль 14:6, 14; 1 Яхьан 3:22.
ХIУНДА ХIУТТУ ИШТТА ХАТТАР. Дукхах долу адамаш тешаш ду, ирс хилийта оьшу ахча, гIардалар я хазалла. Цундела адамаш гIерта уьш шайна хилийта — амма цул тIахьа кхета ахча, гIардалар, хазалла а царна ирс ца лойла.
ХIУН БОХУ ДЕЛАН ДАШО. Iийса Пайхамар кхетам бина муха карор ду ирс. Цо аьлла хилла: «Ирс долуш бу Делан Дош хезашберш, цу тIехь ма бохур дешберш» (Лакасан Инжил 11:28). Вай ирс долуш хир ду нагахь санна хиача бакъдерг Делахь лаьцна, цо вай хIунда кхоллина а. И бакъдерг ду Таврат, Забур, Инжил тIехь. И бакъдерг хааро гIодо вайна кхета, хIун ду уггаре оьшуш дерг — хIун дац. Делан Дешан тIера бакъоне хилийтича куьйгал деш вай гIуллакхашца, вай дахар дийр ду дукха ирсе.
Хаьжал иштта Кицанаш 3:5, 6, 13—18; 1 Тимофейн 6:9, 10.
Вай доцца хоьвсира жоьпашка Деза Йозанаш тIера ялх хаттарна. Лаьий хьуна дукху хаа? Лаьа дера, нагахь санна хьо Делан Дош хаза луушчарна юкъахь велахь. Ахь иштта хаттарш делла хилла тарло, нагахь санна Дала вай дезаш хилча, Дала хIунда хуьлийта дукха вонаш, Iазапаш а? Муху карадийр ду ирс доьзалан дахарехь? Делан Дашо ло дуьззина, тоам беш жоьпаш а, хIокху дукхах кхин долу хаттаршна а.
Амма дукхах берш тахана Таврат, Забур, Инжил доьшуш бац, хIунда аьлча уьш царна йоьвзаш яц. Лаьий хьуна хьайна гIодойла, карадан жоьпаш Делан Йозанаш тIера? Иегован Тоьшалхоша хоьга кховдо шина кепара гIон.
Хьалхара кеп — иза ю брошюра «Дала вайна хIун тIедожадо». Цо гIодо карадан кхеташ долу жоьпаш Делан Йозанаш тIера оьшуш долу хаттаршна. ШолгIара кеп — иза ахча ца оьцуш цIахь Iамадар Деза Йозанаш. Хьуна генахь боцуш бехашболу Иегован Тоьшалхоша хIорра киранна хьан цIа бахка мега я хьуна кхечу аьтто болчу метте жим-жима Iамадан хьоца Деза Йозанаш. Иштта Iамадаро гIодина миллионаш адамашна дерриге дуьненчоьхь. Дукхах болчара хIинца ала мегар ду: «Суна карадина бакъдерг!»
Делан Йозанаш тIехь долу бакъдерг — цулла деза цхьа хIумма дац. Цо вай паргIат догIу аьшпан тешарх, дог доьхна хьийзарх а, Iазапан кхерамах а. Цо ло сатийсанарг, хазахетар, дахаран маьIан а. Iийса Пайхамар аьлла: «Шуна бакъдерг хуур ду, цу бакъоно шу паргIат дохур ду» (Яхьян Инжил 8:32).
Арахецна 2008 чу шарахь |